Берланга, Томас де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Томас де Берланга
испан. Tomás de Berlanga
Томас де Берланган иэс Берланга-де-Дуэро гӀалахь, Испани
Томас де Берланган иэс Берланга-де-Дуэро гӀалахь, Испани
ГӀуллакхан тайпа Испанин мозгӀар а, некъахо а
Вина терахь 1487({{padleft:1487|4|0}})
Вина меттиг Берланга-де-Дуэро
Кхелхина терахь 1551 шеран 8 август[1]
Кхелхина меттиг Берланга-де-Дуэро
Гражданалла  Испани
Викилармин логотип Томас де Берланга Викилармехь

Томас де Берланга (испан. Tomás de Berlanga; 14878 августехь 1551) — Испанин мозгӀар а, некъахо а. Панаман веалгӀа епископ. ГӀараваьлла Галапагосан гӀайренаш еллар бахьнехь.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Испанехь Сори провинцера Берланга-де-Дуэро гӀалахь. 1508 шарахь доминиканхойн мозгӀарийн орден йукъавахана. Эспаньола (хӀинцалера Гаити гӀайре) гӀайренан приор даржехь лаьттина, Берланга бахьнехь 1528 шарахь Испанин ша-шах йолу провинци хилира. 1530 шарахь Панаман епископ хӀоттийра.

1535 шарахь Берланга хӀордан новкъа Панамера Перу вахара, цигахь бухарчу католикашна коьрте хӀоттавезаш вара иза. Новкъан бархӀалгӀачу дийнахь цуьнан кема штиль йукъа нисделира, ткъа экваторан хилеларо дӀаваьхьира иза малхбузе америкин бердан генна. 10 мартехь кеман экипажан гира архипелаган цхьа гӀайре, тӀехьа Галапагос цӀетиллира. Кестта карийра архипелаган кхин масех гӀайре. Испанин паччахье V-гӀа Карле Берланга йаздинчу кехатехь хаийтира шен географин дӀаделларех лаьцна, ткъа иштта йаздира Галапагос гӀайренийн тамашийна дийнатех лаьцна: доккха адам тӀехиъчи ловш йолу яккхийра пийлан уьнтӀапхьидех а, игуанех а, цуо дийцарехь, «шайтӀанах тера а йолуш».

1537 шарахь Томас де Берланга цӀавирзира Испани, шеца йалийра 3 метр гергга йеха кайман. ХӀинца оцу каймана зӀоьмалг ган таро йу Берланга-де-Дуэро гӀалин кафедралан килсанехь. Велла Томас де Берланга 1537 шеран 8 августехь ша винчу гӀалахь.

Хьасташ[нисйе бӀаьра | нисйе]


  1. https://www.newadvent.org/cathen/02493a.htm