Аьрзу

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Аьрзу
Ӏилманан классификаци
Дуьне: Дийнаташ
Тип: Хордови
Класс: Олхазараш
Тоба: Лечан куц дерш
Доьзал: Куьйранаш
Бухара доьзал: Канюки
Тайп: Куьйранаш
Латинан цӀе
Aquila Brisson, 1760
ITIS 175406
NCBI 8960

Аьрзу — (en. Aquila (genus)), (оьрсаша "Орел" олу). Аьрзу уггаре а доккха олхазар ду. Аьрзунийн ворхI тайпа ду. Вайн махкахь хуьлаш ю царех цхьаерш. Ламанан аьрзу. Йоккха аьрзу ю иза. Ал-Iаьржа бос бу цуьнан. МIараш яккхийра ю. Онда ю зIок а йоьххьера охьа а хьаьвзина. Ламанца а, охьанехьа хьаннашкахь а хуьлуш ю иза. Iер, дахар цхьана меттехь хуьлу. Я ижонна, я кхоьчу бахьнашца меттигаш а хуьйцу.

  • ТIекхача аьтту боцчу ламанан даккъашкахь, диттийн генех бо ца бен. Чу мас а, кхин кIеда хIума а юьллуш тобо цо иза. Цхьаъ я шиъ бен ца до цо хIоа. Апрель баттахь тойна хоу. Екар-аз гIоргIа ду "кхекъ-кхеъ-кхеъ". Ижонна пхьагал а, цхьогал а, кхин долу экха а, олхазар а лоцу цо.

Суьрташ[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа. кхин[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]