Астрономи

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Крабах тера тача

Астроно́ми — Ӏалам толлуш долу Ӏилма. Астрономис толлу стиглара хӀуманийн а, царех хӀотталуш йолу системийн а дӀанисдалар, лелар, хӀоттам, схьадалар а.

Масала, астраномис толла Малх а, кхидолу седарчий а, Малхан системин планеташ а, цера спутникаш а, кхоьчу седарчийн системашкахь йолу планеташ а (экзопланеташ), астероидаш, кометаш, метеориташ, планеташна юккъера хӀума а, седарчишна юккехь йолу хӀума а, пульсараш, Ӏаьржа Ӏургаш, тачанаш, галактикаш, галактикашан гуламаш, квазараш, и. к. д.

Астрономи йолу дукха хан ю. Хьалха хилла культураш шайн тӀаьхьа йитина дукха астрономица йоьзна артефакташ, масала Шира Египтан монументаш а, Стоунхендж а. Вавилонцаш а, грекаш а, китайцаш а, индийцаш а, майяс а буьйсана стигалан терго йора. Телескоп юкъаялча астрономин кхиар чӀогӀа сихъелира. Астрономин юкъайогӀура астрометри, седарчашца навигаци, тидаме астрономи, календарьш кхоллар, астрологи.

XX бӀешарах астрономи шина декъа екъаелира: тидаме а, теорин а. Тидаме астрономи ю стигалан хӀуманах лаьцна тидаме хаамаш гулдар. Теорин астрономис астрономин хӀуманашна а, хиларшна а компьютеран а, математиан а, анализан а моделаш хӀоттайо. Оцу шина дакъас вовше тӀедуза: тидаме астрономис хаамаш гулдо, теорин астрономис оцу хаамашна бахьанаш лоьху.

2009 шо ООНс кхайкхина астрономин шо. Астрономи ю кеззига йисина Ӏилманах цхьаъ астрономин дезараш доккха дакъа лоцуш.

Этимологи[нисъе | нисъе чухулара]

«Астроно́ми» (шира.-грек. ἀστρονομία) дош Грецера даьлла. Иза хӀотталуш ду шина Шира Грецин дашах ἀστήρ, ἄστρον (астер, астрон), «седа»; νόμος (номос), «закон».

Астрономин структура[нисъе | нисъе чухулара]

Беттан астрономи: суьртан тӀехь йолу йоккха кратер — Дедал. Сурт даьккхина «Аполлон-11» спутникан экипажас Беттан гонах хьийзаш 1969 шарахь. Кратер ю Беттан ца гучу агӀонан уллехь. Цуьна диаметр ю 93 км гергга.
Внегалактически астрономи: гравитацин линзировани

.

Таханлера астрономи хӀотталуш ю масийтта вовшийца уьйра йолу декъах. Коьрта астрономин декъаш ду:

  • Астрометрис толлу седарчийн гуш йолу меттиг а, лелар а. Хьалха астрометрин болх бара стиглара хӀуманаш лелар а теллина нийса географин координаташ хаар а, хан хааар а (хӀинца оцу балхан кхи некъаш бу). Таханлера астрометри юкъайогӀуш ю:
    • фундаментан астрометри. Цо стиглан хӀуманийн терго а йой цера координаташ къастайо; седарчийн меттигашан каталогаш хӀоттайо, астрономин параметраш юсту;
    • сферан астрономи. Цо кхуллу стигал хӀуманийн гушйолу координаташ а, лелар а къасторна математикан некъаш а, хенаца уьш хицаларан теори а;
  • теорин астрономи. Цо кхуллу стигалан хӀуманийн орбиташ къастаяран некъаш цера стиглахь меттигаш хицияларе хьаьжжа а, цера орбиташка хьаьжна цера меттигаш къастаяр а.
  • Стиглан механикас толлу стиглана хӀуманийн леларан законаш а, цера йозулла а, кеп а, чӀогӀа хилар а.

Оцу кхаа дакъанас кхочуш йо астрономин хьалхара Ӏалашо (стиглан хӀуманийн леларан таллар). Царех олу классикан астрономи.

  • Астрофизикаc толлу стигалан хӀуманийн хӀоттам а, физикан башхаллаш а, химин хӀоттам а. Иза хӀотталуш ю: а) практикин (тидаман) астрофикехь; б) тидамин хӀумнийн бахьанаш лоьхуш йолу теорин астрофизикехь.

Цхаьдолу астрофизикан дакъонаш къасталаш ду шайн белхан некъашца.

  • Седарчийн астрономи. Цо толлу седарчий а, седарчийн системаш а, седарчийн юкъара хӀуманий а меттигахь дӀасадаржаран а, цера леларан а законаш.
  • Космохими. Цо толлу стигалан хӀуманийн химин хӀоттам, Ӏаламехь химин элементаш дӀасадаржаран законаш, стигалан хӀуманаш кхоллалуш йодуш йолу химин процессаш.

Оцу шина дакъашкахь толлу шозлугӀа астрономин Ӏалашо.

  • Космогонис толлу стигалан хӀуманийн кхолларалан хаттамаш.
  • Космологис толлу Ӏаламан хӀоттаман а, кхиаран а коьрта законаш.

Оцу стигала хӀуманашах гулбина хаамаш тӀехь тӀаьххьара шина астраномин дакъанаш толлу астрономин кхозлугӀа Ӏалашо: стигалана хӀуманийн кхолларалла а, кхиар а.

ХХ бӀешарахь кхоллаелла археоастрономи. Цо толлу хьалха дуьненахь Ӏийна болу неха астрономех лаьцна хилла хаамаш. И хаамаш маца хоттаелла хиъча йиш ю шира исторехь хилла гӀишлонаш маца йина хаа.

Седарчийн астрономи[нисъе | нисъе чухулара]

Зинтаган тача — Mz3. Лешболу седарчура аракхуссуш йолу газ симметри йолуш хуьлу

Седарчий а, цера кхиар а таллар боккха маьӀан долуш ду Ӏаламах кхетаран. Астрономаш толлу седарчий тидаманца а, теорин моделашца а. Тахана оцу талламан некъашна тӀекхаьтта компьютеран моделаш хӀоттаяр.

Седарчийн кхолларалла доьду газан а, ченан а тачанашкахь. Тачан дукъа дакъонаш Ӏовдало гравитацин бахьнехь. Ӏовдалуш хенахь уьш йохло. Йовхо тоалла сов ялча цуьна ядрохь термоядеран реакци йолало — цунах седа хуьлу[1].

Массо а химин элементаш, водород а, гелий а йоцурш кхоллало седарчашкахь.

Астрономин Ӏалашонаш[нисъе | нисъе чухулара]

Радиотелескоп ю астрономаш лелайо астрономин гӀирсах цхьаъ

Астрономин коьрта Ӏалашонаш ю:

  1. Стигалан хӀуманийн гуш йолу а, бакъдолу а меттигаш а, лелар а таллар, цера йоккхула а, кеп а хаар.
  2. Стигалан хӀуманийн химин а, физикан а хӀоттам таллар.
  3. Стигалан хӀуманийн а, царах хӀотталуш йолу системийн а кхолларалла а, кхиар а.
  4. Ӏаламан коьрта билгалонаш таллар, гуш болу Ӏаламан декаън теори кхоллар.

И Ӏалашонаш кхочуш ян оьшу эвсара талламан практикан а, теорин а некъаш. Хьалхара Ӏалашо кхочуш йо беха, шира хенахь болабелла тидамашца а, 300 шо хьалха хиъан стиглан механикин законашца а. Цундела оцу астрономин дакъехь дукха хӀумнаш хууш ду, къаьстина Дуьненна уллехь долу стигалан хӀманашахь лаьцна: Бутт а, Малх а, планеташ а, астероидаш а.

ШозлугӀа Ӏалашо кхочуш яр йиш хили спектран анализ а, фотографи а юкъаялча. Стигалан хӀуманийн физикан билгалонаш таллар доладелла XIX бӀешеран шозлугӀа ахехь, коьрта проблемийн таллар таьххьара шерашкахь бен ца доладелла.

КхозлугӀа Ӏалашо кхочуш ян оьшу тидаман хаамаш гулда. Таханлера динахь болу хаамаш тоьуш бац стигалан хӀуманийн кхолларах а, кхиарах а кхета. Цундела цкъачунна оцу агӀонехь гипотезаш бен яц.

ЙоалгӀа Ӏалашо кхочуш ян йолуш йолу физикан теориш тоьаш яц. Цундела кхолла езаш ю керла теори. Оцу теорис гайта еза уггара лакхар йовхалла а, таӀам а, луьсталла а йолуш хенахь хӀуманийн лелар.

Астрономин истори[нисъе | нисъе чухулара]

Дукха зама хьалха адамаш тидам бира стигалан серлаллашан а, хенан хӀоттаман хийцамашан а юкъахь долу дазар. Цу хенахь астрономи астрологица чӀогӀа вовшахъэдина дара. ТӀаьххьара астрономи астрологех схьакъастира Дендаларан хенахь.

Астрономи кхоллаелла дукха зама хьалха. Иза кхоллаела адамийн хӀора денна хуьлу хьашташах. Седарчийн меттигашан хьаьжна ахархошна хаьара шеран заманаш хийцалуш. Нахана Маьлхе а, седарчийн а тӀехьожуш некъ карабора. Малх а, Бутт а лацар юх-юха хуьлий хууш дукха зама ю. Шира йозанан хьосташан тӀехь карош ю астрономин хиларашан суьрташ хӀоттор а, сирла стигалан хӀуманийн гӀаттар а, бузар а лоруш ларараш, хан лору а, календарь лелоран а некъаш.

Астрономи кхуьуш яра Шира Вавилонехь, Египтехь, Китаехь, Индехь. Китайн тептарш тӀехь буьцу в. з. к. 3 шо хьалха хилла Малх лацар. Лаьттаюккъера хӀордан уллехь йолу пачхьалкхашкахь яра Маьлхан а, Беттан а, планеташийн а лелар кхетош а, цера хирдолу лелар дуьйцуш а теориш. Иштта цу хенахь бара оцу балхан гӀодеш чоьлхе боцуш эвсара гӀирсаш.

Къестина баккхи кхиамаш бара Шира Грецехь. Пифагорас массарелла хьалха элира Дуьне горга ду. Аристархас элира Дуьне Маьлхан гонах хьийзаш ду. В. з. к. 2 эзар шо хьалха Гиппархас хӀоттийра хьалхара седарчийн каталог. Птолемейс в. з. к. 200 шо хьалха йицира Дуьне Ӏаламан юккъехь долу система (Ӏаламан геоцентрически система). И система яра 1500 шарахь массара а тӀеэцна.

XV бӀешарахь Улугбекас Самаркандан уллехь йира чохь тоьлла гӀирсаш болу обсерватори. Цо хӀоттийра Гиппархан тӀехьа хьалхара седарчийн каталог. XV бӀешарахь Европехь астрономи кхиам болало. Керла лехамаш гучубовлар бахьан дара махлелоран а, хикеманаш лелоран а астрономи оьшуш хилар.

Таханлера астрономи кхоллаелла лору Коперникас гелиоцентрически система юкъаяккхича (XVI бӀешо юккъе кхаьчча), Галилейс стигалан хӀуманаш телескопца талла волавелча (XVII бӀешо долалуш хенахь), Ньютонас Дуьненан тӀеозаран закон гучудаьккхича (XVII бӀешо чекхдолуш хенахь).

XVIII—XIX бӀешерашкахь астрономи космосехь лаьцна хаамаш гулбеш яра. Яккхи телескопаш юкъаевлича нахана хиира Малх Ча Такхийна Тача цӀе йолу галактикан юкъа боьдуш буй. XX бӀешо долалуш гучудели галактикаш шортта хилар. 1929 шарахь галактикашан спектраш толлуш Эдвин Хабблан гучудели «галактикаш дӀасаидар». ТӀехо оцу хаамаш бахьнехь кхоллаелира Ӏаламан шоръяларан теори.

XX бӀешарахь астрономи шина декъа екъаелира: тидаман астрономи а, теорин астрономи а.

XX бӀешарахь хилла йолу Ӏилманан-техникин революцис боккху Ӏаткъам бира астрономи кхиаран, къестина астрофизикан. Кхоьллинера оптикан а, радион а телескопаш, ракеташ а, искусствени спутникаш а. И кхиамаш бахьнехь астрономин дукха керла хаамаш Ӏаинера. Уьш бахьнехь гучуелира керла стигалан хӀуманаш: радиогалактикаш, квазараш, пульсараш, и. к. д. Кхоьллинера седарчийн а, Маьлхан системан а эволюцин керла теориш. XX бӀешаран къестина кхиам бара релятивистан теори кхоллар — динна Ӏаламан эволюцин теори.

Астрономин тергонаш[нисъе | нисъе чухулара]

Астрономин тергонашан доккха дакъа ду гушйолу серлонан а, кхоьчу хецаран а тидам бар а, анализ а[2]. Астрономин тергонаш екъа йиш ю терго яш йолу спектран дакъонашца. Цхьадолу спектран дакъонашна Дуьнена тӀера терго ян йиш ю. Кхиераш лакхара атмосферехь я космосехь бен йойла дац.

Оптикан астрономи[нисъе | нисъе чухулара]

Оптикан астрономи (наггахь цунах олу гушйолу серлонан астрономи) ю массарелла шира космос толлу кеп[3]. Хьалха стиглуш гушдолу хӀумнашан куьйгаца сурт дуьллура. XIX бӀешо чекхдолуш хенахь а, ХХ бӀешарахь а талламаш бора фотографишца. Тахана сурташ доху цифрийн детекторашца. Гуш йолу серлонан диапазон 4000 Ǻ дуьйна 7000 Ǻ кхаччалца елахь а (400—700 нанометр), оцу диапазонехь лелош болу гӀирсаца терго яло ультрафиолетан а, инфрацӀен зӀенарашан.

ИнфрацӀен астрономи[нисъе | нисъе чухулара]

ИнфрацӀен космосан телескоп «Гершель»

ИнфрацӀен астрономис терго йо стигалан хӀуманийн инфрацӀен зӀенаршан. Оцу тулгӀенийн йохалла гучу серлонан зӀенарий йохаллан улле а елахь, инфрацӀен зӀенараш хӀаваас чӀогӀа худу. Цундела инфрацӀен обсерваториш лакахь атмосферехь я космосехь хила еза. ИнфрацӀен спектр дика ю дукха шила йолу хӀуманашан терго ян (масала, планеташ а, тачанаш а). ИнфрацӀен зӀенарш ченан марханашах чекхйолу, цундела йиш хуьла къона седарчийн терго ян[4].

Цхьайолу молекулаш чӀогӀа инфрацӀе зӀенарш йолуш ю. Цара гӀо до стигалан хӀуманийн химин хӀоттам талла (масала, кометашкахь хи лаха)[5].

Ультрафиолетан астрономи[нисъе | нисъе чухулара]

Ультрафиолетан астрономис терго йо 100 дуьйн 3200 Ǻ кхаччалц (10—320 нанометров) деха долу тулгӀенаш. И зӀенарш Дуьненан хӀаваас худу. Цундела оцу диапазонан терго яш болу гӀирс лакхахь атмосферехь я космосехь хила беза. Ультрафиолетан астрономи дика ю бовха седарчий (О а, В а классан) толлуш, хӀунда аьлча цера зӀенараш оцу диапазонехь хуьлу. Кхуза юкъайогӀуш ю кхоьчу галактикашкахь болу сина седарчий а, планетан тачанаш а, тӀаьхкерла седарчий а, и. к. д. Амма и зӀенараш седарчийн юкъара чено атта худу, цундела тергонаш яш иза тидаме эца деза.

Радиоастрономи[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀехьйоккха радиотелескопан массив (Very Large Array) Сироккохь, Нью-Мексико, АЦШ

Радиоастрономи ю космосан таллар 1 мм сов еха зӀенаршца. Радиодиапазонехь зӀенарш хоьцу дукха тайпан стигалан хӀуманаш: тӀехкерла седарчий, седарчийн юккъера хаваъ, пульсараш, галактикашан жигара ядраш.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Марочник Л.С. Физика космоса. — 1986.
  2. Electromagnetic Spectrum. NASA. Архив йина хьалхара хьастачура 5 сентябрь 2006. Теллина 8 сентябрь 2006.
  3. Moore, P. Philip's Atlas of the Universe. 1997. George Philis Limited. Great Britain. ISBN 0-540-07465-9
  4. Staff. Why infrared astronomy is a hot topic. 11 September 2003. ESA.
  5. Infrared Spectroscopy – An Overview. NASA/IPAC. 11 August 2008

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png