Асмаъ бинт Абу Бакр

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Асмаъ бинт Абу Бакр
أسماء بنت أبي بكر
Йина терахь 595({{padleft:595|4|0}})
Йина меттиг Макка
Кхелхина терахь 692 шеран 7 октябрь({{padleft:692|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})
Кхелхина меттиг Мадинат
Къам Ӏаьрбий, Къурайш
Да Абу Бакр Сиддикъ
Нана Къутайлат бинт Ӏабдул-Ӏузза
Майра Зубайр бин аль-Ӏаввам
Динлелор Ислам

Асмаъ бинт Абу Бакр (Ӏаьр. أسماء بنت أبي بكر‎‎) — Мухьаммад пайхамаран накъост йу, хьалхара халифатан Абу Бакран йоӀ а йу, Зубайр бин аль-Ӏавваман зуда а йу.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Мухьаммад пайхамаран юххерчу доттагӀан Абу Бакран йоӀ хилла Асмаъ. Цуьнан ненан цӀе хилла Къутайлат бинт Ӏабдул-Ӏузза. Цуьнан нанас вина ваша хилла — ӀабдуллахӀ, йижарий Ӏаишат а, Умм Кульсум а, иштта дена бина вежарий ӀабдуллахӀ а, Мухьаммад а. Иштта цуьнан десте а хилла Умм Руман бинт Ӏамир цӀе йолуш.

Мухьаммадан пайхамаран декхар хилле, Асмаан да-нана дӀасакъаьстина хилла. Да-нана дӀасакъаьстиначул тӀаьхьа, иза шен ден цӀахь Ӏаш йара.

Дуьххьара ислам тӀеэцначех цхьаъ хилла Асмаъ. Мухьаммад а, Абу Бакр а Ясрибе (Мадинат) воьдучу хенахь, цо цушинна кхача бохьур, Савр бохучу хьех чу. Мадинате бахана дукха хан йаллале, Асмаъ маре йигина Зубайр бин аль-Ӏаввама.