Арсанукаева, Малика Султановна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Малика Султановна Арсанукаева
ГӀуллакхан тайпа Ӏилманча
Йина терахь 1955 шеран 7 сентябрь({{padleft:1955|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (68 шо)
Йина меттиг Новопавловка, Кызыл-Аскеран кIошт, ГӀиргӀазойн ССР, ССРС
Корматалла доцент, экономикин Ӏилманийн кандидат, юридически Ӏилманийн доктор
Гражданалла  ССРС Росси
Да Султан[1]
Нана Азман[1]
Майра Шамсудинов Мовсар[1]
Бераш Абузар, Анзор[1]

Малика Султановна Арсанукаева (йина 1955 шеран 7 сентябрехь, Новопавловкехь, Кызыл-Аскеран кӀоштан, Чуйн областан, ГӀиргӀазойн ССР, ССРС[1]) — экономикийн Ӏилманийн кандидат[2][3], юридически Ӏилманийн доктор, доцент[2][4]. 2011—2016 шерашкахь — Российн Минюстан Российн бакъонан академин хьуьнарчийн бакъонийн, гражданийн а, арбитражан а процессан кафедран профессор[5][6][7]. 2016—2017 шерашкахь — университетан гражданийн процессан а, суьдан пурстоьпийн болх тобаран кафедран профессор. Къоман нохчо[8], тайпана цӀонтаро[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къуоналла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1955 шеран 7 сентябрехь ГӀиргӀазойн ССР Кызыл-Аскеран кӀоштан Новопавловка юртахь. Депортацера доьзал цӀабирзина 1957 шарахь. Маликин массо а гергара нах хьалха охьахевшира Мичуринан эвлахь (Соьлжа-гӀалин кӀошт), амма баха дӀабахара Нохч-ГӀалгӀайн АССР Невран кӀоштерчу В. И. Ленинан цӀарахчу совхозе[1]. Совхозехь йоккха школа дӀайиллича, Малика хьалхарчу классе йахара. Оцу хенахь цуьнан 6 шо кхаьчнера[1]. Маликин дас а, нанас а къахьийгира, цуо а, цуьнан массо а вежарш а, йишас а лакхара дешар дешийтархьама, берашка шайна луъу говзалла хоржуйтуш а. Маликин дас Султана дийнна оьла жайнаш дара цӀа, безам бохуйтура дешарна. Ишколехь йолушехь Маликас тайп-тайпанчу арахецаршкара жайнаш йаздора[8]. Кхин а Маликас дара жайнаш йуьртан библиотекера. Цул сов, цунна литератураца гӀодора ишколера хьехархоша[8].

1971 шарахь цуо чекхйаьккхира ишкол, йуккъерачу дешаран аттестат делира[8]. ДӀахӀоттаран экзаменаш Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан историн факультете дӀаелира «дика» а, «тӀех дика» мах хадорца. 1976 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет, тӀех дикаллин диплом делира цунна. Университетан Ӏилманан кхеташонан бертаца Малика цхьа дуьхьал а воцуш хьажийра аспирантуре хӀотта[8].

Карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

1977—1980 шерашкахь ССРС Iилманан академин Социологийн талламийн институтехь дийшира дуьхьала а йолуш Ӏалашонан аспирантурехь. 1983 ш. экономикийн Ӏилманийн Ӏилманчийн кандидат тӀегӀан диссертаци чекхйаьккхира «Прикладни социологи» говзаллехь. Цуьнан Ӏилманан куьйгалхо вара гӀараваьлла Ӏилманча, экономикийн Ӏилманийн доктор, ССРС ӀА декъашхо-корреспондент, ССРС ӀА СТИ директор волу Рябушкин Тимон Васильевич[8].

1986 шарахь, къовсамехь тоьлла, йолаелира болх бан Нохч-ГӀалгӀайн историн, экономикин, социологин, филологин 1ТИ лакхара белхало даржехь (хӀинца Гуманитарийн Ӏилманийн институт)[8]. Нохчийчура тӀом бахьнехь доьзалан Соьлжа-ГӀала а йитана Москвох дӀабаха бийзира[8].

2006 шарахь тӀех дика мах хадорца чекхйаьккхира шолгӀа лакхарчу дешаран заведени Москвохан хьаштийн кооперацин университет «Юриспруденци» говзаллехь. Оццу шарахь Москвохан пачхьалкхан юридически академин докторант хилира, тӀаккха 2010 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци[8]. Ӏилманан консультант — юридически Ӏилманийн доктор, профессор, Российн Федерацин Iилманийн Сийлахь гIуллакханча Исаев Игорь Андреевич.

Автор йу 150 сов Ӏилманан, дешаран-методикан белхийн: пачхьалхан а, бакъонийн а теорийн а, историйн а; гражданин а, арбитражан а процессийн; прикладни социологин, царна йукъахь — кхоъ монографии йу, Россехь а, дозанал арахьа а арахецна. Цуо Ӏилманан а, кхоллараллин а зӀенаш лелайо Российн Федерацин дуккха а дешаран заведенешца а, Ӏилманан центрашца а[8]. Болх беш йу лулара пачхьалкхийн, Польшин (Варшаван университет, Люблинера Склодовской-Кюри Мариян цӀарах университет, Торунера Коперник Николаян цӀарах университет, Люблинера II Иоанн Павел цӀарах католикин университет, Жешуван университет), кхечу пачхьалкхийн а талламхошца[8].

2009—2017 шерашкахь болх бира Российн Минюстан Российн бакъонийн академехь (Шайолу российн пачхьалкхан юстицин университетехь)[1] хьийхира хӀара говзаллаш: «Гражданийн процесс», «Суьдан-арбитражан белхехь бехкийн кепашйаран баланаш», «Трансдозанера банкроталла бакъонца нисйар», кхин а.[6]. Иштта 1999—2009 шш. Москвохан хьаштийн кооперацин университетехь (Российн кооперацин университет) лакхара хьехархо, доцент, профессор йара[3][9]. 2014—2015 а, 2016—2017 шш. шолгӀачу меттигехь а, Москвохан пачхьалкхан О. Е. Кутафинан цӀарахчу юридически университетехь хьоьхуш йара. Малика говзанча йу бакъонийн а, пачхьалкхан а историн областехь[10], гражданийн а, арбитражан а процессехь, прикладни социологехь.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Российн Федерацин Юстицин Министраллин Сийлаллин грамота[1].
  • Шайолу Российн пачхьалкхан юстицин университетан ректоратан Баркалалла[1].
  • Российн кооперацин университетан ректоратан Сийлаллин грамота[1].
  • Нохчийн Республикин Суьдхойн йукъараллин «Юридически Ӏилманан кхиорехь дакъа лацарна» аьлла долу Сийлаллин диплом[1].

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 Малика Арсанукаева. ЖЗЛ
  2. 1 2 Малика Султановна Арсанукаева Архивйина 2017-09-15 — Wayback Machine
  3. 1 2 Культура Чечни: история и современные проблемы Хасан Вахитович Туркаев Наука, 2002
  4. Гадабошева Фатима Магомедовна. Депортация и реабилитация ингушского народа: историко-правовые аспекты (1944-1992ГГ.) 12.00.01 — теория и история права и государства; история учений о праве и государстве Автореферат диссертации на соискание ученой степени кандидата юридических наук ] 9 ЯНВ 20|2 005008260 Москва,
  5. Список авторов № 6 (73) 2014 Архивйина 2017-09-15 — Wayback Machine
  6. 1 2 Арсанукаева Малика Султановна Архивйина 2017-09-15 — Wayback Machine
  7. Конференция 5-6 мая 2016 макет.pdf Российская академия наук. Дагестанский научный центр институт языка, литературы и искусства им. Г. Цадасы(ТӀе цакхочу хьажорг)
  8. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Ее пример — другим наука Знакомьтесь: доктор наук, профессор Малика Арсанукаева
  9. Толерантность: объединяем усилия : материалы конференции Москва, 2002 М. Н. Женишева Летний сад, 2002
  10. ЗАКЛЮЧЕНИЕ комиссии диссертационного совета Д 170.003.02, созданного на базе Федерального государственного бюджетного образовательного учреждения высшего образования «Российский государственный университет правосудия»

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]