Алимсултанов, Имам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Алимсултанов, Имам
Коьрта хаам
Вина терахь 1957 шеран 22 июнь({{padleft:1957|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})[1]
Вина меттиг ГӀиргӀазойн ССР, СССР
Кхелхина терахь 1996 шеран 10 ноябрь({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (39 шо)
Кхелхина меттиг Одесса, Украина
Пачхьалкх
СовгӀаташ
Орден «Къоман Сий»
Орден «Къоман Сий»


Алимсултанов, Имам — (1957 шо, ГӀиргӀазойн ССР1996 шеран 10 ноябрь, Одесса, Украина) — нохчийн поэт, баллад-иллийн автор, илланча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Имам вара — Хаси-Эвлара нохчий-Ӏовхо, цхьа шо кхаьчначу хенахь Сибрехара Даймахка цӀа валийна. Соьлжа-ГӀалахь дешна ваьлла, кхин дӀа деша Ростовера политикин Университете деша хоьттира. Илли ала, Имам 1980 шерашкахь вола велар, цо къаьсттана тидаме лаьцнарш дара, Нохчийн къоман гӀиллакхаш, Нохчийн къоман Маршонехьа болам, Кавказан тӀамехь гӀара бойла Нохчийн Турпалхой. Шен дешнаш а, халкъа дийцараш доцурш, Имам шена иллешкахь олур Ӏумар Ярычевн а, Мусa Гешаевн а дешнаш.

Дуьххьара, Имам иллеш гӀара дойлира кассеташ тӀаьхь 1990 шерашкахь. Нохчийн — гӀаскхийн тӀом бола белча, Имам шена гитара эцна, Нохчийн Республика Нохчийчоьнан Сурхой бола — болче воьдуш, церан дог ойла ойъуш, тӀамах лаьцна иллеш ала вола велира.

Валар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Имампаши каш

1996 шеран 10 ноябрехь (кхечу хаамашца 8 ноябрехь[2]) Украинин Одесса гӀалахь вийра вевзаш волу нохчийн эшархо Алимсултанов Имам. Криминалан девнехь Ӏожалла хилла Алимсултановн, аьлла дерзийра и гӀуллакх официала Украино. Амма нохчийн тешна бу, нохчийн дуьхьалонан боламан илланча хилла волу Имам Оьрсийн Къайлахчу Ницкъаш вийна бохучух.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Imam Alimsultanov // MAK (польяк.)
  2. Убийство чеченцев в Одессе Архивйина 2006-05-20 — Wayback Machine, газета «Слово». Одесса. N 46(210), ноябрь 22, 1996

Хьажа. кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажорагаш[нисйе бӀаьра | нисйе]