Акаев, Даша Ибрагимович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Акаев Даша Ибрагимович
Вина терахь 1910 шеран 5 апрель({{padleft:1910|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Вина меттиг Шалажа, Хьалха-Мартан кIошт
Кхелхина терахь 1944 шеран 26 февраль({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:26|2|0}}) (33 шо)
Кхелхина меттиг: Раквере, Эстони
Пачхьалкх ССРС СССР
Эскаран тайпа авиаци
Дарж Майор
БӀахойн дакъа Балтийски флотан 9 штурмовой дивизи
Куьйгалхо 35 штурмовой авиаполк
ТӀемаш Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом
СовгӀаташ
ЦӀен Седан орден
Александр Невскин орден

Ака́ев, Даша́ Ибраги́мович (1910 шеран 5 апрель, Шалажа, Хьалха-Мартан кIошт — 1944 шеран 26 февраль, Раквере, Эстони) — хьалхара нохчийн лётчик, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, майор, Балтийски флотан 9 штурмовой дивизин 35 штурмовой авиаполкан командир.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Иза винера 1910 шеран 5 апрелехь Шалажахь (Хьалха-Мартан кIошт). Цуьнан да вара Акха дивизин ветеран Ибрагим Акаев. 1920-гӀа шераш долалучу хенахь цера доьзалла кхелхира Закан-Юрте (ТӀехьа-Мартан кӀошт). Дашаc чекхйаьккхира Ермоловски школа-интернат, Ростовн ФЗУ а.

Цо «Ростсельмаш» заводехь слесарь болх бира. Шен мукъа хан хилча иза аэроклубе оьхура. 1931 шеран январехь Даша деша вахара Бийскехь йолу Хьалхара вовшахтоьхна граждански авиацин пилотин школе. 1933 шарахь Акаевс и школа чекхйаьккхин Кавказал дехьара юртбахаман авиацин пилот хилира.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелча хенахь иза вара Амуран ЦӀен Байракхан флотилехь лакхара лейтенант. Цо масийттуза рапорт йаздира ша фронте вахийта аьлла. ТӀаьххьаре куьйгалхос иза тӀамтӀе вахийтира.

1942 шеран январь чекхболуш хенахь Акаев кхечира ЦӀен Байракхан Балтикан флоте. Цо леладора МБР-2 цӀе йолу кеманаш. 1942 шеран 15 августехь тӀеман кхиамашан цунна йелира ЦӀен Седан орден.

1942 шо чекхдолуш иза вахитинера авиашколе Ил-2 кема Ӏамада. Школа чекхйаьккхича иза вахитинера ВВС КБФ 9 штурмовой дивизин 35 штурмовой авиаполке. 1943 шарахь цунна майор звани а йелира, иза 35 авиаполкан командир а хӀоттира.

1944 шеран 23 февралехь цунна хиира нохчийн цӀера бахар. 26 февралехь иза а, цуьнан ворхӀ накъост а велира Раквере аэродроман тӀе бомбанаш ятташ хенахь. Иза хьалхатеттира Советски Союзан Турпал цӀе йаларна, амма нохчий ву аьлла иза чекхцавалийтира.

Хьажоарагаш[нисйе бӀаьра | нисйе]