Абдурахманов, Канти

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Канти Абдурахманов
Абдурахманов, Канти Абухани.jpg
Вина

1916({{padleft:1916|4|0}})

Вина меттиг:

Шела, Нохчийн Республика

Кхелхина

28 мартехь 2000

Кхелхина меттиг:

Орга, Нохчийн Республика

Корматалла:

артиллерист

Гражданалла:

СССР СССРРосси Росси

СовгӀаташ:

Канти Абдурахманов (1916 шо — 2000 шаран 28 март) — Советан Эскиран старшина, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Российн Федерацин Турпал (1996 шо).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Канти Абдурахманов вина 1916 шарахь Шелахь. Жима волуш да а, нана а доцуш висна иза. Цо колхозехь болх бира. 1941 шаран сентябрехь иза шен лаамехь тӀамтӀе вахара. 1942 шаран июнехь цо Ташкентехь лахара артиллерин командирийн школа чекхъяккхира. Иза армехь вара Юккъера Азин тӀеман округехь. Цигахь иза взвод командиран гӀонча хилира. 1943 шаран октябь дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронтехь ву. Цо дакъа лецира Невель а, Городок а, Витебск а хьайоккхуш, Белоруссин (1944 шо) а, Балтикайистан (1944 шо) а операцишкахь а, Курляндехь хилла немцойн эскиран тоба хӀаллакъяш а. Цуна масийтта чов йира[1].

1943 шаран декабрехь Витебск хьайоккхуш хенахь советан гӀашсалтий охьадийша дизира немцойн къиза герз даьттаран бахьнехь. Абдурахмановс шен накъосташца шен йоккха топ нийса тӀеярзайина а, масийттуза кхоьссина немцойн дот хӀаллакйира. И бахьнехь мостагӀийн эшабелира.

1944 шарахь Малхбузе Двинал дехьадовлучу хенахь цо юха а гайтира шен хьуьнар. Циггахь иза артиллерстех массарелла хьалха малхбузе хийисте дехьа а ваьлла, цо советан эскиран дехьадовлуш новкъалла яш йолу масийтта мостагӀийн цӀеран меттиг хӀаллакйира. ТӀеман хенахь Абдурахмановс хӀаллакйира масийтта немцойн танк[1].

1946 шарахь Абдурахманов эскирера мукъавитира. ТӀаккха цуьна Юккъера Ази ваха дийзира. 1967 шо кхаччалц иза Киргизехь Ӏийра. ЦӀа вирзинчул тӀехь цо шофер а, комбайнер а, «Пищемаш» завода белхало а, геологин талламан буру туху вышкан мастер а болх бира. Пенси ваханчул тӀехь иза Оргехь Ӏаш вара. Иза велира 2000 шаран 28 мартехь[1].

1996 шаран 16 майхь цунна елира Российн Федерацин Турпалан цӀе. Иштта цуьна яра 2-гӀа а, 3-гӀа а даржан Силаллийн орденаш а, 1-ра даржан Даймехкан тӀеман орден а, кхидолу совгӀаташ а[1].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 4 Hero of the Soviet Union medal.png Абдурахманов, Канти. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». Теллина 11 апрель 2014.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]